Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Ша халкъ дагардина ваьллачул тІаьхьа, юьхьІаьржачу хІоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хІума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса». Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла, амма Хьан халкъана тІехь и ун ма дуьсийла!» Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо?
2. Царств
Выбор основного перевода