Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
«ХІан-хІа, эла, хІокху сайн вежаршна хьалха ас дІало хьуна и латта а, цу тІехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дІайоллийтархьама». Цо гІо доккхийла хьоьгахьа Шен цІа чуьра, Цийон-лам тІера хьо чІагІвойла Цо. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар.
2. Царств
Выбор основного перевода