Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Ткъа вукхарал тІаьхьа хьалабаьлла болу ворхІ гІийла а, ирча а етт а, ворхІ гІийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхІ шо ду. Мацалла хІоьттина ворхІ шо. Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тІекІел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доІанна тІехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цІа а бахьана долуш ду, цо гавІонхой байина дела», – аьлла. Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла».
2. Царств
Выбор основного перевода