Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХІунда аьлча хьан долахь йолу хІума Везачу Элана сайгара сагІина лур яц аса. Маьхза еллачу хІуманах дагоран сагІа а доккхур дац аса». Дауда ялх бІе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?»
2. Царств
Выбор основного перевода