Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гІой, Беар-ШабаІ-гІалара дуьйна Дан-гІалина тІекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта». ТІаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бІозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хІунда оьшу иза? ХІунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тІе и декхар?» Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. Нах багарбаран жамІ Дауде дІаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бІе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу яхІудхо виъ бІе кхузткъе итт эзар стаг вара. Паччахьо тІедиллина гІуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба. И гІуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таІзар дира. Дауда Деле элира: «И гІуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса». ТІаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: «Ваха а гІой, Дауде дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таІзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“». Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таІзарх цхьаъ къастаде: Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тІе а кхочуьйтуш, хьайн мостагІех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тІехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Іожаллин ун хІуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хІаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хІун ала аса со Ваийтинчуьнга?“» Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чІогІа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара». ТІаккха Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хІаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара. Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира. Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла, амма Хьан халкъана тІехь и ун ма дуьсийла!» Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дІаалийтархьама: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. Ша кІа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кІант цу маликах дІахьулвелира. Юха Дауд и волчу веара. ДІахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тІедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна». Аравнис Дауде жоп делира: «ДІаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хІара стерчий а дІало дийнаташ дагоран сагІина, мекха а дІало ас дечиган метта, кІа а дІало кІен сагІина. И дерриг а аса маьхза дІало хьуна». Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХІунда аьлча хьан долахь йолу хІума Везачу Элана сайгара сагІина лур яц аса. Маьхза еллачу хІуманах дагоран сагІа а доккхур дац аса». Дауда ялх бІе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош. ТІаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дІахезна хилар а гина, циггахь сагІанаш дехира. ХІинца мукъана а ладогІахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгІазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогІу сагІа дІаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгІазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неІалт хилла дІахІуьттийла уьш, хІунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тІера хьала а гІаттийна, олуш ду: „Ваха а гІой, хийрачу къаьмнийн деланашна Іамал е“, – аьлла. Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» Массо а исраилхо, Даудах дІа а къаьстина, Бихрин кІантана ШебаІана тІаьхьахІоьттира. Ткъа Йорданна тІера Ярушалайме кхаччалц яхІудхой шайн паччахьна уллохь севцира. Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дІа ца язбира, хІунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваІда динера. Царуятан кІанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гІуллакх дарна Дела оьгІазваханера Исраилан халкъана, цундела цІерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гІуллакхийн тептаран юкъа ца дахара. Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.
2. Царств
Выбор основного перевода