Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, цуьнан доІа дІахазий, гечдехьа цунна, гІо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хІора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хІора стагана а доггІург цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина дехьа. Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтІахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хІинца санна, лардан а деза». Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цІена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цІеначу даггара сагІина деана. Ткъа хІинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагІа дар го суна. Веза Эла, тхан дай болчу ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела! ХІара Хьан халкъан дІанисъелла йолу деган ойланаш а, хІара дика а Іалашдехьа гуттаренна а. Хьайгахьа дерзадехьа хІокху халкъан дегнаш. Ткъа сан кІантана Сулимна а лохьа Ахьа цІена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дІадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гІирсах ян еза гІишло ян а». Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хІуманаш ду Суна чІогІа тамехь дерш», – боху Везачу Эло. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде. Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас.
Выбор основного перевода