Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа хІинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чІагІдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, Хьан лай волчун тІаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цІа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду». Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.
Выбор основного перевода