Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор а долуш, и шиъ негІарца дийнна цхьа хІума хила деза. Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негІарна тІедирзина а хир ду и каруб-маликаш. НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». «Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра. Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тІам а, шолгІаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тІома тІера, вукху тІома тІе кхаччалц итт дол барам бара. Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгІачу каруб-маликан сурт а. Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгІачун а изза барам бара. ЦІийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дІахІиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тІемаш дІасадаьржина дара. Цхьаннан тІам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тІам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тІемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. Царна тІе а Сулим-паччахьо деши диллийтира.
Выбор основного перевода