Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Шен долчо сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а, газанан тІаргІа а, цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканаш а, хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиг а дахьара. Детин я цІастанан совгІат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагІина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хІораммо а Везачу Элана сагІина яхьара иза. Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а дахьара. И болх шайн дагца тІе а лаьцна, шайна хуучара газанан тІаргІа хьовзабора. Халкъан тхьамданаша оникс цІе йолу а, ийпадна а, некха тІе уллучу безачу тІоьрмагна а лерина а тІулгаш дахьара, ткъа иштта хаза хьожа йогІу хІуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а кечдан. Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагІа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тІедиллинчу гІуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгІаташ дахьара. Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал, ЯхІудан тІаьхьенах волу. Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, деза тІулгаш кечдан а, дечигах хІума ян а, мел болу говза болх бан а. Цунна а, Данан тІаьхьенах волчу Ахьисамахан кІантана ОхІлиабана а похІма делла кхиберш Іамо. Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хІума ян а, кІади дан а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангаца дуткъачу кІадеш тІехь тир яккха а, кІадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а». «Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхІлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тІе-ма-диллара дан деза». Мусас Бацалиал а, ОхІлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тІекхайкхира и болх бан. Дауда динан дайн а, левихойн а тобанех лаьцна а, Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а кхочушдан дезачу гІуллакхех лаьцна а, и гІуллакх деш лело езачу массо а хІуманех лаьцна дерриге дІадийцира Сулиме.
Выбор основного перевода