Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Шен цІеношкахь ша вехаш Іачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цІа чохь Іаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хІунда аьлча Дела хьоьца ву». Дауда Сулиме элира: «Сан кІант! Сайн Везачу Далла лерина цІа дан дагадеанера суна. Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цІий а Іанийра, баккхий тІемаш а бира. Суна лерина цІа ахьа дан ца деза, хІунда аьлча Суна хьалха дукха цІий Іанийна ахьа лаьтта тІе. Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Цуьнан хІусаме а дахана, Цуьнан когийн кІелонна хьалха суждане гІур ду вай. qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян.
Выбор основного перевода