Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. Иштта, шен кІанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дІадоладе и гІуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хІунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цІа дІахІоттош ахь дан деза гІуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц. ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода