Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. Цунна гонах деши а лаций, тІаккха гонах дашо сара лаца. Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тІе а дашо сара лаца. Стоьлана йиъ дашо чІуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тІехь, дІачІагІъе. Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь хила еза. Хьокхий а акацих де, царна тІехула деши лаца. Царна тІехь лелор ю и стол. Стоьлана тІехІитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама. ЦІеначу деших е и хІуманаш. Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».
Выбор основного перевода