Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тІекхаччалц, Со цІа чохь Іийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Іийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цІий а Іанийра, баккхий тІемаш а бира. Суна лерина цІа ахьа дан ца деза, хІунда аьлча Суна хьалха дукха цІий Іанийна ахьа лаьтта тІе.
Выбор основного перевода