Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Хьеврон-гІалахь Даудана динчу берийн цІераш хІорш ю: Даудан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Даниал кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара. Даудан пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара. ЙолхалгІа кІант ИтраІам ІагІлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялхе а кІант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхІ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хІорш ду: Іамиалан йоІа Бат-ШабаІа диъ бер дира: ШимІа, Шубаб, Ната, Сулим. Кхин а исс кІант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуІа, Эли-Пулат, НугІахІи, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат. Уьш берриш а Даудан кІентий бара. ГІарбаш-зударша бина кхин а кІентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра. Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“.
Выбор основного перевода