Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Амма Шамъала элира: «Со муха гІур ву цига? Шаулна иза дІахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагІа даккха веана эр ду ахьа. Айхьа сагІа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тІаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хІун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна». Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гІала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дІакхаьчча, цу гІалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогІий хьо?» Цо жоп делира: «ВогІу. Со Везачу Элан дуьхьа сагІа даккха вогІуш ву. Делан дуьхьа дІа а къастий, соьца сагІа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кІентий а Далла хьалха дІахІоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагІа доккхучу. Уьш сагІа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дІахІоьттина лаьтташ волу хІара хила мега Цо къобалвинарг!» Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тІевалийра. Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». ТІаккха Юшайс Шама тІевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». Иштта шен ворхІе а кІант Шамъална тІевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло». ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. ЯхІуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) Ткъа хІинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чІагІдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, Хьан лай волчун тІаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цІа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду». ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта.
Выбор основного перевода