Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«ЦІеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гІад а, цу тІехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. Ялх га хила деза цунна тІехь: кхо га цхьана агІор, кхо га вукху агІор. Цхьана гаьнна тІехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тІехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тІехь хила деза уьш. Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гІода тІехь. Стогаран гІодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кІелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагІчу шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза. Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цІеначу деших дина хила деза. ВорхІ къуьда а бай, цунна тІе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агІо серлаяккхийта. ЦІеначу деших тукарш а, нойш а е цунна. Берриг а шен гІирсашца цхьана галин барамехь долчу цІеначу деших бе и стогар.
Выбор основного перевода