Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Варелахь, лам тІехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар». Цул тІаьхьа Везачу Элана дІахІотто дезачу цІийнан дехкина суьрташ тІехь долу кехаташ дІаделира Дауда шен кІанте Сулиме. Оцу кехаташна тІехь Везачу Элан цІенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гІишлойн, цуьнан чоьн-цІенойн, тІехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цІандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара. Иштта Дауда Сулиме делира шен даг чохь мел долчун хІоттийна долу сурт. Цу юкъахь дара Везачу Элан цІийнан гонах хир йолчу кертийн а, гонах хир йолчу массо а чоьнийн а, Делан цІийнан хазнин а, Далла гІуллакх деш къастийна йолчу хІуманийн хазнин а хІоттийна долу суьрташ.
Выбор основного перевода