Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПаргІато яьллийла а гина, шен дог чІагІдира пирІуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгІира цо Мусага а, АхІароне а. Амма юха а шен дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно. ДогІа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирІуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. Цу буссехь тІе а кхайкхина, Мусага а, АхІароне а пирІуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гІовттий, дІадовла сан халкъана юкъара. Даха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш ма-аллара. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина.
Выбор основного перевода