Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тІорказ дІадахьийта гІерташ делахь, иза ша ма-дарра дІа ма дахьийта: аша сагІа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТІаккха хуур ду шуна, Цо шайна таІзар хІунда дина». Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагІа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пІелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цІарах пхиъ, дегІа тІехь яьлларг санна, дашо хІума а, пхи дашо дахка а бан беза, хІунда аьлча шуна дина долу таІзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу. Везачу Элан тІорказ цу ворданна тІе хІоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагІина кечйина йолу дашо хІуманаш цхьана гІутакх чу агІонгахь охьа а яхкий, ворда дІа а хеций, дІаяхийта.
Выбор основного перевода