Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, «Аш дІалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугІу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла. Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира. ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах».
Выбор основного перевода