Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Везачу Эло цу лаьтта тІехь дитинчу къаьмнийн цІераш хІорш ю: пІелаштамхойн пхеа гІалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаІанхой а, цІаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаІал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тІекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. Иза цига дІа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чІогІа инзарбохуш, царна тІе доккха Іазап хІоьттира, массеран а дегІа тІе ирча хІуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. Байаза бисинарш дегІа тІехь хІуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура. ПІелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагІина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гІалин цІарах, важа – Іази-гІалин цІарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гІалин цІарах, кхин цхьаъ – Гати-гІалин цІарах, ткъа кхин цхьаъ – Іекхран-гІалин цІарах. Ткъа дашо дехкий хІора пІелаштамхойн гІалин куьйгалхочун цІарах хилла ца Іаш, хІора чІагІйинчу гІалин цІарах а, дІайиллина лаьттачу яртийн а цІарах дара. Везачу Элан деза тІорказ тІехІоттийна хилла болу тІулг хІинца а байт-шамашхо волчу ЮшаІан аренгахь Іуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш.
Выбор основного перевода