Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхІароне а, цуьнан кІенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тІорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тІорказна тІетасийта. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Амма кхахІатхой, езачу хІуманашка хьажархьама, ур-атталла бІаьрганегІар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама». Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тІорказна тІе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тІорказна уллохь велира.
Выбор основного перевода