Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаІан аренгахь боккхачу тІулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТІаккха, и ши етт цІарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира. Иза шаьш дале хьалха Леви цІе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тІорказ а, дашо суьрташ чохь долу гІутакх а вордана тІера охьа а даьккхина, боккхачу тІулга тІе охьахІоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагІанаш дехира.
Выбор основного перевода