Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЮшаІа элира Іахане: «Сан кІант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гІерта». ШолгІачу Іуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагІонан тІулгах дина долу сурт Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш. Хьала а айдина, ДагІонан сурт цара ша хиллачу дІахІоттийра. Вукху Іуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш долу ДагІонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неІсагІи тІехь Іуьллуш. Дохоза дегІан гІад диснера. И бахьана долуш таханлера де тІекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гІаларчу ДагІонан цІа чу шаьш баьхкича, цкъа а неІсагІи тІе ца бовлу. Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тІорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагІонна а». Цара, пІелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХІун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тІорказна?» Вукхара элира: «Вай и тІорказ Гати-гІала дІадахьа деза». Цара иза Гати-гІала дІадаьхьира. Иза цига дІа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чІогІа инзарбохуш, царна тІе доккха Іазап хІоьттира, массеран а дегІа тІе ирча хІуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. Цул тІаьхьа цара Делан тІорказ Іекхран-гІала дІадаьхьира. Амма иза цига дІадаьхьча, цу гІалара бахархой чІогІа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тІорказ схьадеана тхо а, тхан гІала а хІаллакьян». ТІаккха цара, массо а пІелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тІорказ ша хиллачу дІадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хІаллакдале!» Іекхран-гІалара бахархой чІогІа кхерабелла хилла, хІунда аьлча церан дахар цу хенахь чІогІа эрчадаьлла хилла дела. Байаза бисинарш дегІа тІехь хІуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура. Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хІордан йистерчу мехкашкахь.
Выбор основного перевода