Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагІчу дийнахь церан гІаланашка кхечира. Цу гІаланийн цІераш яра: ГавІон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯІарим. Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тІедоьрзуш дара, ткъа цигара Іепрон-лома тІерачу гІаланаш тІе доьдура. Юха БаІала-гІалина тІедоьрзура иза (тахана цу гІалин цІе Кхиръят-ЯІарим ю). Кхиръят-БаІал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯІарим), Рабба – ши гІала шайн ярташца.
Выбор основного перевода