Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена. Цу дийнахь Дауд чІогІа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тІорказ со волчу муха дахьар ду?» Хьан оьгІазе аз дІахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Іадийна, белла. Цийон-лома тІехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Іеса нах бегош бу: «Вайх мила Іалур ву дерриг а дІакхоллучу цІерана уллохь? Вайх мила Іалур ву йовр йоцучу цІерана уллохь?» Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву.
Выбор основного перевода