Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Хьан дайшна тІе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тІаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. Акхароша Сан сий до, чангІалкхаша а, бухІанаша а Со хаставо, хІунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама. И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду». Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.
Выбор основного перевода