Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма, вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн лазарш дІадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таІзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. Дера ма Іе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидІа вай муха дахалур ду те? Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна. Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву. Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагІанаш даха кхин ца оьшу. Шуна ма хаьа, Иза къинош дІаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.
Выбор основного перевода