Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТаІзар дечу дийнахь, геннара бохам тІебеача, хІун дан дохку шу? Хьаьнга гІо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш». Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гІуллакхашца а гайта ца деза иза? Ларам болуш а, таьІна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тІаккха шуна тІехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цІена ду гича.
Выбор основного перевода