Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Милла а Суна гІуллакх деш верг Суна тІаьхьахІуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гІуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву». Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дІахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира.
Выбор основного перевода