Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта. Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргІатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргІато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гІуллакхаш вовшашка безам болуш.
Выбор основного перевода