Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хІунда ца теша? Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. Шуна ма хаьа, Иза къинош дІаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дІало Ас!» Иза а аьлла, Іийса кхелхира. Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхІудхоша элира Іийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?» Іийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво. Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву. Къинош летийначу нахера сел чІогІа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а. Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
Выбор основного перевода