Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тІаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша. Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама. Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна. И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву.
Выбор основного перевода