Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гІуллакх деш берш аьлла, цІе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю. Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош. Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама. ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву.
Выбор основного перевода