Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Гомара, юха а берах а хилла, йоІ йина. Везачу Эло ХІушаІе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цІе тилла, хІунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац. Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
Выбор основного перевода