Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. Цундела Іедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тІе кхел йоуьйту. ХІунда аьлча дика гІуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гІуллакхаш дечарна бу. Іедалах ца кхоьруш Іен лаьий хьуна? Дика де, тІаккха Іедало хьо хастор ву. Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела. Иштта, таІзарх кхерарна хилла а ца Іаш, вайн дог цІена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтІахь хила деза. Цундела урхалчашна йогІу ял дІало, уьш и гІуллакх даим кхочушдан дІахІиттийна Делан белхалой болу дела. ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара. Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтІахь хила безар а, муьлхха а дика гІуллакх дан шаьш кийча хила безар а.
Выбор основного перевода