Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ГІишло ечу пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь, коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. Іийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тІехь дерг: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“ Іийса – Иза, „гІишлошъечу пхьераша дІа а кхоьссина, сонан йисте дІахІоьттина болу тІулг“ бу.
Выбор основного перевода