Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Іайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагІаран, шайн зайтдаьттан уьтталгІа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагІийн дуьххьарлера Іахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іамархьама. Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагІий, чагІар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТІаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хІуманаш яа, иштта сакъералуш а хила. Шайн Везачу Далла хьалха хІора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь.
Выбор основного перевода