Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха». Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. Ткъа шун а, кху лаьтта тІехь Іаш болчу нахаца барт а хилла, Іан йиш яц. Аша церан сагІа доккхуш йолу меттигаш хІаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгІира. ХІунда дина аша иза? И де тІекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дІайойур ю кху лаьтта тІера цІуйн цІераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тІера дІабохур бу харцпайхамарш а, цІушна Іамал ян лаар а дІадоккхур ду.
Выбор основного перевода