Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Іайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагІаран, шайн зайтдаьттан уьтталгІа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагІийн дуьххьарлера Іахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іамархьама. Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагІий, чагІар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТІаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хІуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.
Выбор основного перевода