Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а.
Выбор основного перевода