Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дІакъастийначух хІума яхьахь, и сагІа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогІуш ю. Иштта, Далла дІакъастийнарг динан дена йогІу. Цхьаммо совгІатна хІума яхьахь, иза а динан дена догІу“». Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу». Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. Шен доьзалца хІора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагІа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.
Выбор основного перевода