Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цхьа хІума тІедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цІий дІадалаза долу жижиг ма даалаш. Миччанхьа шаьш Іаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цІий ма даалаш. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тІевеана Іаш волчо а цІий даа мегар дац. Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цІийца цхьаьна хІума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тІулг». Цул тІаьхьа цо элира: «Адамашна дІахаийта: хІораммо, со волчу шен сту я уьстагІ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цІийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хІораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!»
Выбор основного перевода