Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хІинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хІума а дІало Ас шуна юучунна. Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. Амма шайн гІаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цІена волчо а, цІена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна. ХІорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгІат карахь а дахьаш ван веза».
Выбор основного перевода