Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама. Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, сагІа доккхучу кхерча тІехь цІе а латийна, цу тІе дечиг дилла деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, цІера тІе дехкинчу дечигаш тІе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху.
Выбор основного перевода