Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчо а и дегаза хІуманаш ма леладе. Аса тІедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гІиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». Церан цІу-деланаш цІергахь багабелаш. Царна тІехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речІанаш ца хилийтархьама, хІунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета. Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама. Оцу халкъаша харцделанашна Іибадат даре терра шайн Везачу Далла Іибадат ма делаш. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, Іаву-гІалахь – Нибхьаз а, Тартакх а цІуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цІергахь дагадора шайн цІу-деланашна Адир-Маликана а, Іанам-Маликана а уьш сагІина а дахьаш. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
Выбор основного перевода