Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а». Иштта хир ду, нагахь санна, ас хІинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бІаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогІахь». Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду.
Выбор основного перевода