Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дІа-ма-аллара.) Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а.
Выбор основного перевода