Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Везачу Эло Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагІа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха. шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тІера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу метте дІагІо. Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. ТІаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хІоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доІа хезира. ХІинца Аса Сайна къастайо хІара меттиг, хІокхунах сагІа доккху цІа хилийтархьама. ХІинца дуьйна Ас даздина хІара ЦІа, Сайн цІе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бІаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь.
Выбор основного перевода