Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гІалахь канаІанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чІагІо а йийр ю. Цхьана гІаланах «Маьлхан гІала» эр ду. Цу дийнахь къорачарна тептар тІера дешнаш хезар ду, Іаьржачу боданах паргІат а баьккхина, бІаьрзечеран бІаьргашна са гур ду. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тІехь мел болу деланаш Ша хІаллакбечу хенахь. ХІораммо а шен-шен меттехь Цунна Іибадат дийр ду, ур-атталла хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а. Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода